@islamanaz: Хийлазза хеза вайна: - Хьиджаб доха лаьара суна, амма чуьрнаш реза бац; - Со хlинца а кийча йац, даггара ца хилча пайда ма бац и тилчи; - Мархийн баттахь туьлар ду ас. Даггара иза тlедоха луучо бахьанаш леладо. Халонаш йара олий, дlа ца тосу цо шен некъ. Валлахlи, Аллахlан омра кхочуш дан ахь жимма и бахьана леладахь, Аллахlа йуьтар ма йац хьо Шен некъа тlехь цхьалха, гlо а доцуш... Хьуна цкъа а ца моьттучу агlора Аллахlа тодийр ма ду хьан хьал. Цкъа а реза хир бу аьлла догдохийла йоцуш, хьуна дуьхьала хилла болу хьан нах а резбийр ма бу Цо, царна дагца мел чlогlа ца лаахь а... Дала тlедиллина долчу хlумангахь хьо хьежа езаш йац хьайн дегӏан лааме. И тилар даггара Аллахӏан дуьхьа делахь, хьайн Дала тlедиллинарг кхочушдарна йалл а йу хьуна хуьлуш. Уггара лахара аьлча, динехь цхьа а кхетам боцуш, кийча ца хилчи а ахь иза леладеш делхьара, хьиджаб дацара аьлла мукъна а къа хир ма-дацара хьуна. Ткъа ахь муха олу пайда бац? Шен Дала тlедиллинарг дӏатоьттуш, цхьа а бахьана леладеш доцуш, мархийн батте хьежадеш волчунна Аллахӏа цу баттахь а цунна аьтто бийр ма бац. Нагахь Аллахӏа хьуна цхьа дика хӏума дагатеснехь, Цунна лаьъ ахь и хӏицца дойла. Дерриге пайде хӏума кханенга дӏатоьттуш йолчу хьуна хаьий ӏуьйренга хьо йера йуй? Хан кӏеззиг йу хьан...
Исламан Аз
Region: DK
Sunday 31 May 2026 20:51:25 GMT
Music
Download
Comments
There are no more comments for this video.
To see more videos from user @islamanaz, please go to the Tikwm
homepage.