zumso_kh :
Вайн нохчийн киц дукх: "Эл хаст ве, лай човха ве олуш". Кху кицан шен маьӀан ду. Кхузахь йуьцург адамин амал йу, хӀунд аьлча, адамаш эли амал йолуш хуьлу, ишта лай амал йолуш хуьлу.
"Эл хаст ве" бохучуьн маьӀан иза эли амал йолу адамаца гӀиллакхе хил бохург ду, ишта ахьа цуьнг олу хаз дош а, эли амал йолчо ахь шеца гӀиллакх лелийча доьхьал гӀиллакх лела до, хаз дош аьллча доьхьал хаз дош ол.
Амма лай амал йерг нис бӏостнехьа ву, цунна ахь шеца гӀиллакх лелийча хьо атта хет, ахь шеца гӀиллакх лелийча хаз дош аьллча из доьхьал ца лелдар дуьцар дац, иза хьа ги хаъ гӀерт, хьо шех ийза луш а хет, цундера аьлла "лай човха ве", из бохург ду цуьнца шога хила.
Кхин цхьа пайден хӀума хьахор дар ас, хьайл гӏийлчуьнц хьан дар дацар хиллехь из харца а волуш, цуьнц кӀед мерз чакх вал хьажалахь тӀакх сийлахь хир ву хьо, амма хьан могӏарер а волуш йа хьоьлла а ницкъаца тоьлла велахь харцо йуьцуш велахь цуьнца шога а буьрса чакх валлахь йуха ца волуш, хьо кӀед мерз хилахь сийсаз хир ву хьо.
2026-09-17 20:01:03