@bjarlagha: БӀаьрга тӀе бӀаьрг хӀоттош, Дагна дог дулуш, МостагӀчух хьаьрчар ву, Ца хуьлчу далахь. Амма, ва, жолам-йаӀ, МостагӀ ца хуьлу Цхьаъ мукъне шехь гойтуш Къонахчун амал. Со аьрзу ва хилча, И хуьлу лаьхьа. Гила борз ва хилча, ХьаргӀанах гӀотту. Эхьан герз ас эцча, Ца хуьлу эхь а, Адаман мотт бийцахь, Ца кхета мотт а. БӀаьн новкъа со ваьлча, Караво кертахь. Кертара ков хьадахь, Хьоду сан кха тӀе. Йуьхь-духьал, герз эцна Ира йа аьрта, ХӀуттуш вац и гаур. ХӀай, йоьхна ка, йаӀ! Сан мостагӀ гуттар а Аганах лиэта, Къеначу ден, ненан Ламазан кузах. ТӀехьашха сан цӀийнах, Доьрчех цӀе летош, Сан мехкан маьрша хІуо Цо кІуьрзах дузу. Сан мостагӀ гуттар а Лиэта сан динах, Цо туху гӀакх дина Зударех, берех. Сан мостагӀ, ватталхьан, КъотӀалгӀа винарг, Со цхьалха висахь цкъа, Хьо мича вер ву?! Абдулаев Леча, 1999-гӀа шо #нохчи #chechen

БӀарлагӀа 🇩🇪
БӀарлагӀа 🇩🇪
Open In TikTok:
Region: DE
Sunday 11 October 2026 19:59:45 GMT
10037
242
10
41

Music

Download

Comments

darkfeminine577
darkfeminine577 :
что за книга?
2026-10-12 11:20:08
1
mysafiryn7
CHARTO :
Хьанах лаьцна язздина ду цо иза?
2026-10-12 16:07:31
1
ysuf195
Ysuf195 :
Дега чур дуьна ара дойла дешнаш ду уьшь, дукхчер дагчохь а долуш.
2026-10-14 07:54:15
4
mansurdudaev362
mansurdudaev362 :
духур дац й диц дир дац
2026-10-16 06:43:41
2
sagittarius5535
Sagittarius :
Ма чог1 Нис дешнаш ду иш. И зама т1екъечи Вайн (
2026-10-16 05:23:14
2
nochnoy_straj
nochnoy_straj :
ХӀу кинашк йу хӀар ?
2026-10-12 11:10:11
1
user6827744761130
user6827744761130 :
🤲🤲🤲❤️❤️❤️
2026-10-12 09:27:19
1
To see more videos from user @bjarlagha, please go to the Tikwm homepage.

Other Videos


About